Неофициальный сайт
села Зебир-Юрт (Аьчкахит1е)
Надтеречного района
Чеченской Республики
Приветствую Вас Гость | RSS
Меню сайта
Категории раздела
Авлияи [10]
Легендарные сыны Чеченского народа [2]
История Чечни [1]
Истории чеченских сел [1]
Последние публикации:
Он ушел, но остался в нашей памяти. (1)
ШЕЙХ КУНТА-ХАДЖИ (0)
Дикчу дешан мах. (0)
Шейхи и Авлияи Чечни. Два основных тариката - накшбандия и кадирийя (0)
Майрбек Вачагаев. Вирдовая структура Чечни и Ингушетии. Часть 1-ая. Накшбандийский тарикат. (0)
Последняя картинка
Наш опрос
Реза дуй шу сайтанна?
Всего ответов: 130
Форма входа
Главная » Статьи » История » Авлияи

Дикчу дешан мах.

Ишта ойланаш кхоллаяларан бахьана ду эвлаяийн дахарх, цара динчу гIуллакхех лаьцна информаци кIезиг хилар, церан суьрташ каро хала хилар, церан жайнаш, хьехамаш дукхахболчара бешна цахилар. Историн хьесапе диллича, дукха хан яц Докка-Шайх дуьнентIе ваьлла. Цуьнан дахарх, гIуллакхех, ойланех лаьцна дуккха тоьшаллаш ду архивашкахь, мурдийн дийцаршкахь, цунах йисначу хIумнашкахь. Докка-Шайхан бакъйолу цIе Шаптукаев Iабдул-Iазиз хилла, ткъа беза-бевзачара, гергарчара олуш хилла цунах Докка. Iаьрбийн маттахь долчу тептарша тоьшалла дарца Докка дуьнентIе ваьлла хан I255 шо ду. Вай тахана лелочу календаран хьесапе диллича I839 шо хуьлу и. Нохчийчохь, Дагестанехь, цул сов Къилба-Седа Кавказехь вуно чолхе мур хилла и зама. Нохчийчохь къоман паргIатонехьа латтош болу къийсам марсаболу зама ю и. Цу хенахь оцу къийсамна коьртехь вара ериг Кавказехь вевзаш волу Ташу-Хьаьжа, я Нохчийчохь Воккха-Хьаьжа аьлла цIе тиллина волу эвлаяъ. Доккин диъ шо кхачале кхелхина иза. Амма паргIатонехьа болу къийсам, шен коьрте имам Шемал хIоьттина, кхидIа боьдуш хилла. Инзаре бохамаш беана оцу тIамо нохчийн къомана. Оцу харцонан, къизаллин теш волуш, уьш шена тIехь лан а ловш, хьалакхиъна ву Докка. Доккин тоьллачу муридех цхьаъ волчу Шеларчу Мохьмадна вуьйцуш хазарехь Iабдул-Iазиз чIогIа гIиллакхе, кIеда-мерза, къинхетаме стаг хилла. Иштта оьзда аматаш бусулба стагехь хилар ислам динан коьрта лехамаш бу. Уьш цуьнгахь кхиийнарг жимчохь дуьйна Доккас боккхачу лерамца Iамийна долу бусулба дин ду. Доккийн къоначу хенах лаьцна архивашкахь кIезиг хаамаш белахь, мурдаша мурдашка луш охьадогIуш дийцарш ду оцу хенах лаьцна. Шелара Мохьмад: Доккин ден цIе Гойтукаев Шаптукъа хилла. И зандакъойн тайпанах схьаваьлла стаг ву. Цо чIогIа сатуьйсуш хилла шен кIант къорIа, жайнаш дешна, бусулба дин Iамийна Iелам стаг хиларе. Цундела жима волуш дуьйна Энгель-эвлахь йолчу хьуьжаре деша дIавелла хилла и дас. Цуьнца цхьаьна оцу хьуьжарехь доьшуш хилла Iусман-Хьаьжа, Элаха-Молла, тIаьхьо гIарабевла эвлаяаш, шайхаш хилла болу. Хьуьжарехь доьшучу хенахь тасаделла хилла гергарло чIогIа лерина лелош хилла Доккас, Элаха-Моллас. Оцу гергарлонах лаьцна дуьйцу Элаха-Молла ЧIаьнти-Юьртара схьаваьлла ву I836 шарахь. Доккел кхо шо бен воккха ца хилла Элаха. Цундела церан ойланаш, хьежамаш, лехамаш цхьанабогIуш хилла. Аксайрчу Абу-Шайхан уггар дукхавеза мурд хилла. Шен устаза Абус бакъо еллачул тIаьхьа Элаха-Моллас шен хьуьжар схьа а йиллина, мутаIеламаш Iамош къахьегна цхьана хенахь. Итт шарахь сов Жимчу-АтагIахь юьртан къедин болх бина цо. Цул тIаьхьа Соьлжа-ГIалин округан Махкаман (кхиэлан) коьртехь хилла. Цу хенахь Элаха-Моллин тешамен накъост балха тIехь гIоьнча хилла Дока. Оцу кхиэлехь болх беш, бахархошна юкъара тайп-тайпана къийсамаш, девнаш шарIаца къастош, даржаш ца лоруш, нийсо ярца гIараваьлла хилла ши Iеламстаг. Шеларчу Мохьмада дуьйцу: Докка-Шайх доккха собар долуш, адаман амалан сизех уггар коьртаниг гIиллакх хеташ, паргIат стаг хилла. И чIогIа ларлуш хилла цIе езачу, гIарабовла луучу, хьалхе езачу нахах. Цо кхайкхош долу дин а хилла Накъшбандин тIарикъатан уггар бIаьрла йоцучу кепашца доьзна. Оцу вирдехь болчу мурдийн бакъо яц маьхьарца, жиргIанца, зуькарца, духарца я кхечу кепарца гIарабовла, шайна тIе тидам бахийта. « Хьалха ма гIерта, тIаьхьа ма сеца» бохучу бакъонца бехаш хилла Докка-Шайх а, цуьнан мурдаш а. Цу хенахь Нохчийчохь хIоьттинчу юкъараллин-политикан хьолах доьзна хилла эвлаяо и тайпа некъ харжар. И хан чIогIа луьра хилла, обарг Зеламхин цIе дериг дуьненахь гIараяьлла хан хилла и. Парижехь, Лондонехь, Нью-йоркехь оцу цIарах совдегарша рекламан Iалашонехь пайда оьцуш хиллехь, Нохчийчохь Зеламха бахьанехь къематде хIоттийна хилла Iедало. Зеламха схьаваьлла юрт, кIошт, дериг нохчийн къам бехке деш хилла паччахьан Iедало обаргана гIо до и Iедалх Iалашво цара, бохуш. Кавказан тIеман округан коьрта командующий волчу инарла-адъютанта графа Воронцов-Дашковс паччахье I9II шеран I8 октябрехь яздинчу рапорта тIехь аьлла ду: «…тIаьххьарчу хенахь Зеламха лечкъаш хиллачу Веданан, Грозныйн округийн ярташка, схьалецна, байъина обаргаш схьабевллачу ярташка, уьш чекхбийлинчу ярташка таIзардаран тIеман дакъош хIитто деза». Оцу рапорта тIехь инарлас бехке бу аьлла цIераш йоху Нохчийчоьнан уггаре оьздачу, ийман долчу Iеламнехан Митаев Бимат-Гирин Хьаьжин, Гайсумов Соип-Моллин, Чиммирза-Хьаьжин, Белхароев Батал-Хьаьжин, Кана-Хьаьжин, Шаптукаев Iабдул-Iаьзизан, Мохьамад-Моллин, Iумар-Хьаьжин и оьзда нах Нохчийчуьра арабохий, Тульски губерни хьажабо уьш, Зеламхийна доладеш, оьрсийн Iедална дуьхьал цунах герз дина лелош бу аьлла. «Оцу шайхаша, Зеламхийца зуламе юкъаметтигаш лелайо, уггар къизчу талорашна и декъалво, цуьнан тоба шайн мурдашца юза а юзу, цунна герз, патармаш латтадо, и лерина къайла воху, аьлла ду рапорта тIехь. Заурбеков МасIуд, «Исламан зIаьнарш» цIе йолчу газетан коьрта редактор. Советан Iедал долуш ша Калуге, эвлаяийн лорах вахарх, ша лахьийначу материалех лаьцна дуьйцу.Кхузткъе итт шарал тIехъиккхина воккха стаг хилла Докка-Шайх Нохчийчуьра аравоккхуш. Шайх махках ваккхаран цхьа бахьана бен дацара: Iедал цунах кхерар, карзахъяла кийча Iаьчу Къилба-Седа Кавказехь, гIаттамна уггаре кхерамениг яра Нохчийчоь. Дериг дуьненахь гIараваьлла обарг, доллучу халкъо лоруш болу Iеламнах цхьанакхетахь, миска нах гIовттур буй хууш бехира Iедало Докка, кхиболу эвлаяаш махках. Амма уьш махках баьхначул тIаьхьа, кхин кхераме хьал хIоьттира Нохчийчохь: халкъо юхаберзабе бехк боцуш махках баьхна эвлаяаш аьлла, Iедална дуьхьло ян йолийра. I9I2 чу шеран 7 апрелехь Кавказан тIеман округан коьртакомандующи волчу инарла Воронцов-Дашковс Россин тIеман министр волчу В.Сухомлиновга яздо: «Нохчийн халкъо Грозненски округан Стары юьртан вахархо Шаптукаев Iабдул-Iазиз обарг Зеламхин талорашна гIо деш хиллачу шайхин-зикристин гIулкхана бехке ца хиларна цунна гечдина и ссылкера цIаверзавахьара бохуш моссуьттаза дехар дарца доьзна ас сацам бина оцу шайхах, цуьнан дахарх лаьцна керла лерина талламбан». Инарлас кхидIа яздо: «Областан куьйгалле ладоьгIча, сан ойла кхоллаелла талорхо волчу Зеламхина гIо деш и къайлавохуш хиллачу шайхин-зикристин зенечу гIулкхашца и воьзна вац аьлла I905-I906-чу кегаречу муьрехь оьрсашний, нохчашний юкъахь гIоьртина хилла хьал лартIа далорехь цо бина аьтто тидаме эцна, ас даре до Шаптукаев Iабдул-Iазиз Кавказан декъа тIера араваккхар дIа а доккхуш, цунна даймахка юхаверза бакъо яла». Халкъалахь дийцарехь Докка а, Эвтарара Iовда а цхьана буса дуьненчу бевлла бу. Iаьрбийн тептарш тIехь билгалдаьккхина ду Пайхамаран хьиджри тIера I255 шо-и вай лелочу календаран хьесапехь I839 шо ду. Амма оцу хенаца галморзах довлуш ду оьрсийн архивашкахь долу терахьаш I886 чу шеран хьалхарчу январехь Iовдин 42 шо хилла. И терахь тидаме эцча, Iовда I843 шарахь дуьнентIе ваьлла, хIета, Докка вина хан иза ю. ДуьнентIера дIакхалхар а цхьана дийнахь хилла Доккийн, Iовдин- I9I4 шеран I3 чу сентябрехь. Докка Калугерчу ссылкера цIаверзар доккхачу хазахетарца тIеоьцу дериг нохчийн халкъо. Цуьнца цхьаьна паччахьан Iедало цIаберза бакъо ло бехк боцуш махкара арабаьхна хиллачу шайхех дукхах болчарна. Кхузткъе итт шарал сов хан хиларна, махках ваьккхина халонаш ган дезарна могашалла гал йолу Доккин. И цIавеана дукха хан ялале дIакхелха. Цуьнан каш Девкар-эвларчу кешнашкахь ду. Бакъду шайн устаз дIакхелхина дукха хан ялале цуьнан коша тIехь зехIарт до мурдаша. И зехIарт мосуьттаза юхатодина ду. Тишделла, эрчадаьллера и нохчий Сибарех бахийтинчу шерашкахь. Девкар-эвлахь цу хенахь бехаш хиллачу суьйлаша кIезиг дола деш хиллера оцу сийлахьчу гIишлон. Докка-Шайх шен заманахь цIеяххана Iеламстаг хилла. Масех жайна ду цунах дисина. И жайнеш I944 чу шарахь Iедало цIетесна хIаллакдечу къорIанашна, жайнешна юкъа ца дохуьйтуш цуьнан мурдаша лардина, кIелхьарадаьккхина.Доккин мурдаш Нохчийчоьнан массо маьIIехь бехаш бу. Къасттина дукха бу уьш Девкар-эвлахь, Мескер-эвлахь, Жимчу АтагIахь, Шелахь, Гермчигахь, кхечу ярташкахь.

«Путь истины»

Категория: Авлияи | Добавил: isa-muslim (08.12.2011)
Просмотров: 4044 | Рейтинг: 3.0/2
Всего комментариев: 0
Добавлять комментарии могут только зарегистрированные пользователи.
[ Регистрация | Вход ]
Поиск по сайту
Почта@achkahite.ru
Логин:
Пароль:

(что это)

Зерегистрируй себе почтовый ящик @achkahite.ru
Погода в селе
Карта посетителей
Map
Статистика


Яндекс.Метрика



Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Сайт существует: